风云际会的意思是什么
Пошт (итал.?маттера гочдича —??posta?) — термин, лелайо билгала йоккхуш[1]:
- пошто д?айохьуьйтург;
- з?ен урхалла, шена йукъайог?у: жоьпаллин поштан администраци (ЖПА) а, цуьнан куьйгак?елара структураш а — поштамташ, з?ен шодмаш, транспортан дакъош а, сортировкин меттигаш, ткъа иштта поштамташна а, з?ен шодмашна а йукъара поштан дакъа;
- лицензин бух т?ехь, меттигера а, чоьхьара а, дуьненайукъара а т?ег?анехь пошто д?айохьуьйтучеран хьашто кхочушдар арахоьцу а, йухку а монополин предприяти.
Дукхах дерг, пачхьалкхан хуьлу цхьа предприяти, цунна куьйгалла до ЖПА. Дукха йолу ЖПА Дерриг дуьненан поштан бертан (ДПБ) декъахой йу йа цхьаьна регионан поштан бертан декъалаллин йукъараллийца ДПБ ассоциаци йина декъахой йу.
Термин схьаялар
[б?аьра нисйан | нисйан]?Пошт? дош схьадаьлла пол. poczta а, итал. posta. Т?аьхьарниг, шен рог?ехь, схьадаьлла (posta) латинан дашах posita, иза, хила тарло, дацдина statio posita in… — соцу меттиг, билгалчу меттигашкахь лаьтта говраш хуьйцу станци[1]. Иштта, йуьхьанца оцу дашо билгала йоккхура поштан говраш йа хьадалчаш хуьйцу станци. Post дош ?поштан? маь?нехь дуьххьара лело даьккхина XIII б?ешарахь. Тахана ?пошт? дашо кхетадо поштан урхалла (поштамт, да?къа), д?айахьийтина а, схьайеина а корреспонденцеш[2][3][4].
Поштан истори
[б?аьра нисйан | нисйан]Историца пошт кхоллаелла хаамаш, х?уманаш (сурсаташ, посылкаш, ахча) д?айохьуьйтучун а, д?акхочучун а йукъахь д?асаяхьийтаран хьаштех.
Поштан з?е кхиар толлуш ду лерина историн ?илманан дакъа — поштан истори. Адамаллин историн йохаллехь хаамаш д?абаларан хьесапаш а, г?ирсаш а дика кхиина. Исторел хьалхара муьрера лоллин пачхьалкхашкара уггаре атта орцанаш (аьзнаш, ц?е, к?ура) хийцаделира г?ашлойн а, говран а геланчийн поштан хаамашца хийцаделира. Феодализмехь а, капитализмехь а кхолладелира говрийн, цул т?аьхьа ц?ерпоштнекъан, х?аваан, кхин тайпана з?ен регуляран пачхьалкхашна йукъара а, дуьненайукъара а поштан г?уллакх. Поштан хийцамаш дуьненайукъара масштабехь, шина аг?ора а, дуккха а аг?онашкара ДПА йукъахь берташ дина, т?аьххьара кхечира цхьааллин поштан система (ДПС) кхолларе, цуьнан бух хилира ДПС Конвенцин а, Регламентийн а бертийн кепара цхааллин система.
Пошт тахана
[б?аьра нисйан | нисйан]
Таханлера пошт — дуьненайукъара берто (хьажа ДПБ документаш а, дерриг дуьненан поштан конгрессийн документаш[en] а) цхьаьнатоьхна тайп-тайпана пачхьалкхийн предприятийн глобалан система. Дуьненайукъара пошта д?айахьаран хьашташ кхочушден поштан йерриг предприятеш, монополисташ йу.
Интермаша кхиарца цхьаболчу аналитикаша прогноз йора кестта поштан хьашташ оьшур йац олий, амма иза ца хилира. Тайп-тайпана пачхьалкхийн, хьалха зене йолу, поштан предприятеш, дола йаха план йу.
Германин нем. Deutsche Bundespost олу пошт, 1995 шарахь дола а йаьккхина, йийкъира Deutsche Post AG, Deutsche Telekom AG, Deutsche Postbank AG[de] компанешна. Кхин а йу поштан хьашташ кхочушден долара фирманаш[5].
XX б?ешо чекхдолуш — XXI б?ешо долалуш поштан з?е йисира уггаре йоккха а, йораха а з?ен тайпа. Электроз?е, радиоз?е, телефонан а, электронан а з?енашна автоматизаци йина системаш кхоллар а, кхиар а хьаьжна ца ?аш, поштан з?ено дуьтур ду шен ладаме маь?на, хин йолчу заманахь; х?унда аьлча материалан объекташ (сурсаташ, х?уманаш, кхин дерг) д?асаяхьалур йац электромагнитийн кепара з?енца.
Поштан г?уллакх а, хьашташ кхочушдар а
[б?аьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Почта // Плата — Проб. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 20).(Хьаьжина 20 июнехь 2016) {title} . Т?екхочу дата: 2015 шеран 25 февраль. Архивйина 2016 шеран 20 июнехь
- ↑ Почта // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Кисин Б. М. Страна Филателия / Ред. В. Нездвецкий. — М.: Просвещение, 1969. — 240 с. — 100 000 экз.(Хьаьжина 15 июлехь 2016)
- ↑ См. также немецкую статью нем. Geschichte der Post.
- ↑ См. также немецкую статью нем. Post.
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- [www.philately.h14.ru/BS/P.html Большой филателистический словарь] / Под общ. ред. Н. И. Владинца и В. А. Якобса. — М.: Радио и связь, 1988. — 320 с. — ISBN 5-256-00175-2. [См. статьи, начинающиеся на Почта и производные от этого слова.]
- Почта // Толковый словарь русского языка : в 4 т. / гл. ред. Б. М. Волин, Д. Н. Ушаков (т. 2—4) ; сост. Г. О. Винокур, Б. А. Ларин, С. И. Ожегов, Б. В. Томашевский, Д. Н. Ушаков ; под ред. Д. Н. Ушакова. — М. : Государственное издательство иностранных и национальных словарей, 1939. — Т. 3 : П — Ряшка. — 1424 стб.(Хьаьжина 20 июнехь 2016) Error in Webarchive template: Empty url.
- Почтовые знаки // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- [www.philately.h14.ru/FS/P.html Филателистический словарь] / Сост. О. Я. Басин. — М.: Связь, 1968. — 164 с. [См. статьи, начинающиеся на Почта и производные от этого слова.]
Хьажоргаш
[б?аьра нисйан | нисйан]- upu.int — официалан сайт Всемирного почтового союза(ингалс.).
- pochta.ru — официалан сайт ФГУП ?Почта России?.
- postalmuseum.si.edu — официалан сайт Национального музея почты (США)(ингалс.).